"Марша ба хьо Рамадан"

14.04.2021

ХIай АллахIан лаьш! ТIекхаьчна шуна сийлахь бутт а, беркате-комаьрша хан а - шена чохь диканаш сов дохий дебаш йолу, шена чохь къинош летор кхераме хуьлуш йолу. Боккъалаъ, Рамадан бутт бу и - шена чохь КъурIан доссийна болу. Боккъалаъ, марханаш кхобу а, Iуьйкъахь гIуьтту а бутт бу и. Боккъалаъ, сагIанаш доху а, диканаш ден а, гIоьнна куьг кховдон а бутт бу и. Бутт бу и - шен хьалхара дакъа къинхетам болуш, шен юкъ гечдар долуш, шен чаккхе жоьжагIатах хьалхабитар йолуш. Бутт бу и – АллахIа оцу чохь хIокху умматах къинхетам беш пхи хIума делла болу, цхьана умматна делла а доцуш долу.